World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 06.09.2018

Radiomarsho.com 

Вацлаван совгIатан номинанташлахь ву Титиев Оюб

Виллина харцонна дуьхьал лаьттина, набахтехь хан текхна, шен къомо президент хаьржина Сийлахь Чех ХIавел Вацлав вазвеш, цуьнан цIарх кхоьллина преми кхушара яла хьакъ бу аьлла хьахийначийн могIарахь ву Титиев Оюб. Оцу премех а, иза, шена гарехь, Оюбна стенна йогIу а дийцира Маршо Радиога бакъоларъярхойн "Мемориал" центран куьйгалхочо Черкасов Александра.

Radiomarsho.com 

Путин-ша жоьпаллехь ву Солсберехь дIаьвше тIелатар дарна - Лондон

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир-ша жоьпаллехь ву Солсберехь СкрипалгIарна Сергейна а, Юлияна а дIаьвше тIелатар дарна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Уоллес Бена. Цо билгалдаккхарехь, пачхьалкхан куьйгалхо санна билггала Путин ву "Iуналла деш а, ахча хьажош а, урхалла деш а" Оьрсийчоьнан тIеман талламан урхаллана. Уоллеса дIахьедар дина, Британино дуьхьало йийр ю Оьрсийчоьно мостагIаллин лелочунна, хаам бо Associated Press агенталло. Британин... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хатуев Iабдул - Хьамид. ДоттагIа

Хатуев Iабдулхьамид ДоттагIа   Зазадаьлла Iежийн бешахь, Сийна стигал екхна ю. Накъост, хьо сан дашах тешахь, Вайша вовшийн гIортор ю. Некъаш хиларх мелла деха, Лекха хиларх ломан бохь, ДоттагI даим даг чохь веха, Орцах волу эшначохь. Велалой, ахь куьг схьалаца, Майрра хьалха баккха ког! Вевзаш воцчо вайн гIолацахь, Дикнах дузу кийрахь дог. Некъаш хиларх мела деха, Лекха хиларх ломан бохь, ДоттагI даим даг чохь веха, Орцах волу эшначохь. Хьо,дог доьхна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Верта доьза ца дайта. Дагестанера тIаьххьара говзанчаш

Пономарева Екатерина,                                                                                      "Настоящее Время ("Карара хан") Дагестанехь кеста ярна кхерам бу верта ден говзалла: фабрикехь йисина массех зуда пенсе йоьдуш ю кестта, ткъа кегийрхой ца хьоьгу церан корматаллах 1926-чу шарахь дуьйна ю болх беш Рахата юьртара фабрика. Амма кхачош ю цуьнан оьмар тахана. ЖаIуша кIезиг леладо тIергIа вертанаш – царна гIолехьа хета кхузаман духар. Уггаре а доьхнарг – ца лаьа жимачарна фабрике балха хIитта. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полисошна тIелатар динчу вежарийн АхматовгIеран да латтош ву Шеларчу полицехь

Шеларчу полицин декъан керта вала гIоьртинчу шина вешин АхматовгIеран да Марсхьокху-беттан 20-чохь дуьйна лаьцна латтош ву ницкъаллин структураша, яздо "Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, цуьнан ваша а, вешин бераш а, ткъа иштта 9 шо долу цуьнан кIант а дIахецна полисхоша Марсхьокху-бутт чекхболуш. Хьалхо нохчийн министро Умаров Джамбулата дIахьедар динера, низамаш лардечу органаша дIабаханчу беттан 20-чахь байинчу кхиазхойн гергарчарна цхьана а кепара Iаткъам беш бац аьлла.

Radiomarsho.com 

"Сий хуьлда Украинин" аларца эскарехь маршалла хаттар тIеэцна Радо

Украинин Лаккхарчу Радан депутаташа къобул йина президенто Порошенко Петрос кховдийна низаман проект. Иза хьакхалуш ю къоман Теман Ницкъийн уставна тIехь хийцамаш барх. Керлачу низамца а догIуш, Советан заманахь хиллачу "Здравствуйте, товарищи!" аьлла, маршалла хаттаран а, "Здравия желаем!" аьлла иза тIеэцаран а метта юкъадоккхуш ду "Слава Украине!" (Сий хуьлда Украинин) а, "Героям слава!" (Сий хуьлда турпалхойн) а. Цул сов, эскахочунна бакъо луш ю эпсарх "товарищ" ала ца лаахь "пан" ала.

Radiomarsho.com 

Полшано дIавелла Байдуев, даймахкахь дIалаьцна

Дукха хан йоццуш Полшан Iедало схьавелла Байдуев Азамат шаьш дIалацарх даредина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Оцу урхалло чIагIдарехь, жимчу стага хIинцале а мукIарло дина, ша Шема вахарх а, цигахь даIишхойх дIакхетарх а, тIеман тасадаларшкахь шена чов ярх а.   Бехктакхаман Кодексан  208-чу артиклца Байдуевна дуьхьал гIуллакх диллина, талламаш бу дIахьош, хаамбо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакххоша. Маршо Радион "Настоящее время" проекте Полшан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло жопдаларца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Суьлийн пелхьочо шен хьуьнар гайтина «Грозный-Ситехь»

Дагестанера пелхьо Абакаров Расул, ларвеш дегIах йихкина цхьа а тIийриг а йоцуш, муш тIехула цхьана бIов тIера кхечу бIов тIе ваьлла Соьлж-ГIаларчу «Грозный-Ситехь». Муш тесна хилла 30-чу тIегIантIехь.  Цунах лаьцна яздо dailystorm.ru сайто.   "Грозный-Ситехь" лекхачу шина гIишлонна юкъахула волавалар шен дагахь лаьттарг ду аьллера Абакаровс кхушарахь Стигалкъекъа-баттахь Петарбухехь шен хьунар гойтуш ша волуш. Дай а пелхьой хиллачу цо дийцарехь, и трюк кечйина хилла цо Соьлж-ГIалин денна лерина. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемарчу Идлибна бомбанаш етташ ю Оьрсийчоь

Шемарчу Хама провинцин Къилбаседанерчу кIошташкарчу объекташна а, Идлиб гIалахь а бомбанаш етта йолийна оьрсийн а, Шеман а кеманаша шинаридийнахь. Reuters агенталло а, туркойн Hurriyet, Anadolu хьосташа а, ишта Ковентрехь (Великобритани) куп тоьхначу адамийн бакъонаш ларъярна тIехь мониторинг латточу Шеман центро а Iораяьккхина и информаци. Шемахь дуьхьало латточу оппозицин зерашца, оьрсийн кхаа кемано масех иттанашкахь тохарш дина. Бакъонашларъярхошна тIе а тевжаш, Reuters агенталло хаамбо, авитохаршкахь мел лахара 13 маьрша вахархо верах. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу "терактех" кIезиг сагатло Оьрсийчуьрчу бахархойн

Бахархойн сагатдойту хIуманаш тIекхеташ ду Оьрсийчохь. Иза гайтина Левада-центро бинчу талламо. Цу талламаца уггаре а неха синтем бойъург ду мехаш дестар а (72%), адамаш кIийдалар а (52%), болх боцучу нехан терахь алсамдалар а (48%). Цуьнца цхьана Левада-центро хIора шарахь беш болу талламо гайтина уггаре а нехан кIезиг бала берш Нохчийчохь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а Iедалша теракташ олу тIелатарш хилар (3%). Цул а алсам бахархойн сагатдийриг ду ур-аттал СПИД яржар а (4%), махкахь адамийн бакъонашна доза тохар а (6%).

Radiomarsho.com 

Нохчийн Маршонан Де, хьалхара гIулчаш

Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь Нохчийн Къоман Гуламан исполкомо чекхбаьккхира мехкан политикан, административан центраш долаоьцу мур, дIасахийцира коммунистийн Iедалх йисина Нохч-ГIалгIайчоьнан Лакхара Кхеташо. Оцу денна цIе тиллира "Нохчийн къомо пачхьакхалла меттахIоттийна Де". Кхин а буттий, 20 дей даьлча махко хаьржира Президент а, Парламент а. Хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран дуьххьара омра дара (1991, Лахьан-беттан 1-ра де) "Нохчийн Республикан пачхьалкхан суверенитет дIакхайкхорах".

Radiomarsho.com 

Мила ву Байдуев Азамат

Оьрсийчоьнан дехар кхочушдеш, деношкахь Польшано, депорт а йина, Москох дIакхачийра масех шо хьалха Европе ведда веана мухIажир Байдуев. Ткъа шен даймахка, Нохчийчу, кхаьчча иза лаьцна, низамехь йоцчу тIеман тобан декъашхо хилла аьлла.

Radiomarsho.com 

Шен йоI ерна чувоьллина ГIалгIайчуьра вахархо

Магасан кIоштан кхело набахтехь даккха 8 шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна. Иза бехке вина шен йоI ерна. Бохам хилла кхушеран Чиллан-баттахь. 54 шо долчу стага машена чохь шен куьйгашца садукъийна шен 32 шаре яьллачу йоIан. Цуьнан дакъа цо охьакхоьссина Яндаре эвлана гергахь некъа йистехь. Кхело бехкевийриг къера хилла ша динчунна. ГIалгIайчуьрчу полицин хьастанаша дийцарехь, цу стаг шен "йоI йийна доьзалан сий лардеш".

Radiomarsho.com 

Нохчийн Маршонан Де - 27 шо

1991-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-гIа де шен Маршонан Де къастийра Нохчийчоьно. Оцу дийнахь шегара декхарш охьадехкира Нохч-ГIалгIайн Автономин Республикан Лакхарчу Кхеташоно. "Йозуш йоцу пачхьалкх" цIе тиллира шех махко. Дагалоьцу хIетахьлерчу политикан боламийн декъашхочо Аьрсбин Абубакара. ХIара видео дуьххьара зорбне яькхинера 2016-чу шарахь.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхина 27 шо кхачар дагалоцуш бу нохчий

Нохчийн Республика йозуш йоцуш пачхьалкх хилар дIакхайкхийна 27 шо кхаьчна. Иза дагалоцуш ду дуккха а пачхьалкхашкахь нохчийн юкъараллаша а, цхьаьнакхетараллаша а. 1991-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно Верховный Совет ЧИР) шен декхарш охьадехкира Гезгмашин-беттан (Сентябрь) 6-чу дийннахь, 1990-чу шарахь Лахьан-беттан 27-чу дийнахь ша тIеэцначу декларацина тIе а тевжина. И де билгалделира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хиларан де санна. Дерриг а нохчийн къоман конгрессо шен... Читать дальше...