World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 23.09.2018

Radiomarsho.com 

Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев латтош ву Белгородерчу талламан изоляторехь

Украинин инарлин прокуратуро Оьрсийчу экстрадици йина гIалгIа Тумгоев Тимур латтош ву Белгородан Федералан таIзарш кхочушдон сервисан (ФСИН) урхаллан номер 3 йолчу талламан изоляторехь (СИЗО). Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуро, яздо Кавказ.Реалиино.  Украинин инарлин прокуратуре Шайх Мансуран цIарахчу батальонан дехарех цхьаъ дара Тумгоев латтош волу меттиг а, иза Оьрсийчохь мича хьолехь ву а къастор.  Украинин инарлин прокурор Луценко Юрий оцу батальонан куьйгалхочуьнца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Джошуас нокауте вахийтина Поветкин - ББС

Британерчу боксёро Джошуа Энтонис эшийна Оьрсийчуьра Поветкин Александр, хаам бо ББС-но. И шиъ летира езачу йозаллан категорехь дуьненан чемпионан цIе къовсуш. ВорхIалгIачу раундан 2-чу минотехь Джошуас буй тоьхна нокауте вахийтина Оьрсийчуьра боксер.  Цу кепара Джошуа цкъа а ца эшна шен карьерехь.

Radiomarsho.com 

Шелковская станицехь схьайиллина керстанан килс

Нохчийчуьрчу Шелковская станицехь схьайиллина юхаметтахIоттийна керстанан килс. Цигахь хиллачу церемонехь дакъалоцуш вара республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказехь векал волу Матовников Александр а. Килс яран белхаш болийнера стохка Оханан-баттахь. Иза юхайина 1937-чу шарах Iедалша йохийна керстанийн килс хиллачу меттехь. Шелковская станицехь йинарг цу тайна 7-гIа гIишло ю, Нохчийчохь керстанийн дин лелочу бахархойн хьашташна йина йолу.

Radiomarsho.com 

Орсийчоьно тешнабехк барна кхоьру Идлибера оппозицин тобанаш

Шеман Идлиб провинцерчу тIеман тобанийн векалша дIахьедар дина, шаьш Туркойчоьнца юххера юкъаметтигаш латто дагахь ду, Хонкъаро а, Москохо а дина маслаIат кхочуш деш аьлла. Уьш дагахь бу меттигера бахархой тIамах хьалхабаха, хаам бо Кавказ.Реалиино.  Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, "Къоман маршонан фронтана" тIе а тевжаш. Цу вовшахтохараллана юкъахь ю Iамерко гIортор еш йолчу Шеман Маьрша Армин духаха йолу фракцеш.     Цуьнан векалша хаам бина, шаьш кийча ду "Оьрсийчоьнан векалша а"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Фонтанкана" карийна кхин а маситта "тIеман таллам урхаллан белхахо"

Британехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган Петров Александран а, Боширов Русланан а махкал алаволучу паспортийн номерех тера номерш а йолуш паспорташ долу Оьрсийчоьнан кхин а маситта махкахо карийна "Фонтанка" зорбанан гIирсана. Цунах лаьцна яздо Марша Радион Оьрсийн сервисо.   Журналисташа бинчу хаамца, буьйцурш бу Крымский а, Андреев а, Потемкин а, Поляков а фамилеш йолу нах. Церан паспортийн номерш маситта терахьца бен кхин хийцаелла яц. Цул сов... Читать дальше...