World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 28.12.2018

Radiomarsho.com 

Царнаевна вен кхел яр юхадаккхар дехна адвокаташа  

Iамеркерчу Бостонехь эккхийтар динчу Царнаев ЖовхIаран адвокаташа дехар дина апелляцин кхеле цунна вен кхел еш бина сацам юхабаккхахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина NBC. Адвокаташна хетарехь, бехктакхаман гIуллакх толлуш озабезамалла ца хилар кхочуш ца дина кхело дов хаттар и бохам хиллачу гIалахь дIа а даьхьна.    "Дина зуламан чулацам тидаме эцча, Бостонехь беха бехккъасторхой гIорасиз бара и дов къастош озабезам а ца беш сацам бан", - даладо NBC-но Царнаевн бехказваккхархоша динчу дIахьедаран дакъа. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Миллиардерна колонехь яккха хан тоьхна Москох кхело

Москох Басманан кIоштан кхело 4 шо 7 бутт хан тоьхна миллиардерна, "Форум" хIолдинган инарлан директорна Михальченко Дмитрийна. Иза бехке вина, низамаш а дохош, Оьрсийчу маларш кхехьарна. Шена тоьхна хан такха езаш ву бизнесхо юкъара раж йолчу колонехь. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло. Хьалхо прокуроро дехар динера суьде, Михальченкона колонехь чIагIйинчу рожехь даккха 10 шо тохахьара аьлла.   Талламхойн версица а догIуш цо контрабанда лелош хилла Британера а, Францера а, Италера а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн парламент реза ца хилла доза хьокъехь ша бина сацам хийца

ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутаташ реза ца хилла доза хьокъехь Нохчийчоьнца шаьш бина сацам юхабаккха, яздо ФортангаOrg. Telegram-канало. ГIура-беттан 27-чохь хиллачу республикан парламентан кхеташонехь и хаттар кхоже диллинера Нохчийн Республикца билгалдаьккхина доза нийса дац аьлла хетачу депутаташа. 27 парламентан декъашхочух 12 стага бен кхаж ца тесна Халкъан гуламо юхабаккха беза ша бина сацам аьлла.

Radiomarsho.com 

Украинах ГIирма дIахадош дуьхьалонаш йина ФСБ-но  

Оьрсийчоьно дIалаьцна йолу ГIирма Украинах дIахадош дуьхьалонаш яр дIадерзийна федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ). Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, ФСБ-н ГIирмерчу дозанан урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш. Дуьхьалонийн йохалла 60 сов километр йолу дуьхьалонан система кечйина ю цунна терго ян оьшчучу гIирсаца, шайна юкъахь буьйсанна сурт гойту видеокамераш а йолуш. Оьрсийчоьнан ФСБ-но шаьш и дуьхьалонаш яр доьзна ду боху "луларчу пачхьалкхара тӀеман Ӏалашонца бохамаш бен а,... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бераш дар а, адамаш далар а лахделла Нохчийчохь

Оьрсийчоьнан Росстат урхалло далочу терахьашца, ГIадужу-баттахь 26,2 процентана лахделла Нохчийчохь дуьненчу довлучу берийн терахь. Луларчу Дагестанехь и  гайтам бу 24,6 процент. ГIалгIайчохь - 10,8 процент. Ерриг Оьрсийчохь бераш дуьненчу довлар лахделла стохка хиллачуьнца дуьстича 2,7 процентана. Дуьненчура дIабаханчу нехан терахь а лахделла Нохчийчохь. ГIадужу-баттахь республикехь беллачу нехан терахь лараха ду стохкалерчуьнца дуьстича 42,6 процентана. Дагестанехь беллачу нехан терахь лахделла 20,1 процентана.

Radiomarsho.com 

Иракъера цIадалош ду Оьрсийчьура 30 бер – Кадыров

ГIура-беттан 30-хь Иракъера Оьрсийчу цIадалор ду 30 бер. И бераш ду Нохчийчуьра а, Москвара а, Пензера а, Дагестанера а, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Telegram-каналехь. Хьалхо шен хIора шарахь хуьлучу зорбанан-конференцехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дира, Шемара Оьрсийчоьнан махкахойн бераш цIадалоран болх сацор бац аьлла. Оьрсийчоьнан куьйгалхочо дагадаийтира и гIуллакх деш верг Кадыров а хилар. Кадыровс бинчу хаамца, Подмосковьерчу цхьана аэродромехь охьахуур ду 30 бер тIехь долу кема. Читать дальше...